Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха чухулара керт дІахІоттийра. Иза хьаькхначу тІулгийн кхаа могІанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могІанах а йинера. Хьаькхна нисдинчу тІулгех кхо могІа а, баганан дечигах бина цхьа могІа а биллина, керт йинера йоккхачу кертана гонах. Иштта Везачу Элан цІийнан чухула йолчу кертана а, учена а гонах яра цу тайпана йолу керт. Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цІестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тІе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра.
Выбор основного перевода