Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иза йисина Іаш йолчу цхьана зудчун кІант вара. Напталан тІаьхьенах яра и зуда. Хьираман да цорахо вара. Хьирам ша цІестан пхьар вара. ЦІастанах муьлхха а хІума ян говзалла а, похІма а дара цуьнан. Сулим-паччахь волчу а веана, и дерриг а гІуллакхаш кхочушдира Хьирама. ТІаккха цІестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хІора а диъ дол барамехь яра. ХІора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бІе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дІахІоттийна йолчу итт кІелхІотторгна тІе йиллира. Пхи кІелхІотторг къилбехьа агІор, ткъа важа пхиъ къилбаседехьа, аьрру агІор дІахІоттийра Хьирама. Везачу Элан цІийнан къилба-малхбалехьа агІор дІахІоттийра цо чохь хи долу и боккха цІестан яй.
Выбор основного перевода