Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта Хьирама кхин а дира тесаш, кегий белаш, кегий кедаш. ТІаккха чекхбехира Хьирама Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьна беш болу берриг а белхаш. Иштта ши бІогІам а буьйгІира Хьирама, царна гонах таьжнийн ши го а бира. ТІаккха оцу таьжнийн суьрташ тІедехкина долчу бІогІамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо. Оцу бойнан шина суьрта тІе диъ бІе цІестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бІогІамашна тІе дехкинчу таьжнашна тІерачу бойнийн суьрташ тІе дехкира шишша могІа. Иштта йира цо итт юьхь-куьг дуьлург, шайна бухахь итт кІелхІотторг а йолуш. Хи чудотта цхьа цІестан яй, цунна бухара шийтта цІестан сту а, тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама. Везачу Элан цІийнан кертахь мел йина хІума а, заьнгала динчу цІастанах йинера цо Сулим-паччахьна. И дерриг а хІума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тІехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦІартан а олучу меттигашна юккъехь. И ерриг хІума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дІахІоттаяйтира. И хІуманаш тІех дукха хиларна, уьш еш дайчина цІастанан барам буста а ца лора. Цу тайпана деших массо а хІума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хІума яго дашо кхерч, Далла лерина бепиг тІедуьллуш йолу дашо стол; цІеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агІор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агІор хІиттийна йолу), зезагийн суьрташ, чІурам хІотторгаш, морзахаш, бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогІу хІума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кІора дІасабахьа нойш цІеначу деших дина еш; уггар езачу чоьнан чуьра неІарийн а, Делан цІийнан вукху неІарийн а кІажаш, деших дина долу. ТІаккха Цора-гІалара Хьирам цІе йолу стаг схьавалавайтира Сулим-паччахьо. Иза йисина Іаш йолчу цхьана зудчун кІант вара. Напталан тІаьхьенах яра и зуда. Хьираман да цорахо вара. Хьирам ша цІестан пхьар вара. ЦІастанах муьлхха а хІума ян говзалла а, похІма а дара цуьнан. Сулим-паччахь волчу а веана, и дерриг а гІуллакхаш кхочушдира Хьирама.
Выбор основного перевода