Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхала. Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цІенна а юкъахь Везачу Элана дІакъастийна цІестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агІор охьабиллира. Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора. Везачу Элан цІенна хьалха сагІа даккха ша дІахІоттийначу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дохура Сулима. И дешнаш а, Іудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дІахезча, дог иракарахІоьттира Асин. Цо ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тІера ша схьаяьхначу гІаланашкара а дегаза цІуш дІабехира. Везачу Элан цІенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагІа доккху кхерч карлабаьккхира Асас. ХІорш бу сагІа доккхучу кхерчан барамаш, цхьа шира доллий, цхьа шей цхьана даларан барам лерича. Кхерчана гонах саьнгар цхьа дол кІорга яра, шоралла а цхьа дол яра. Саьнгарна арахула хІоз бара, лакхалла цхьа ше а йолуш. Иштта бара сагІа доккхучу кхерчан бух. Лаьтта тІехь болчу саьнгаран буха тІера дуьйна лахарчу кхерчан хІазарна тІе кхаччалц йолу юкъ ши дол яра. Оцу хІазаран шоралла цхьа дол яра. Лахарчу хІазарна тІера кхерчан лакхарчу хІазарна тІе кхаччалц йолу юкъ йиъ дол яра, ткъа оцу хІазаран шоралла а цхьа дол яра. СагІа доккхучу кхерчан юкъ ша диъ дол лекха яра, цу чуьра хьалайолуш йиъ маІа яра. СагІа доккхучу кхерчан юкъ шийтта дол еха а, шийтта дол шуьйра а яра – иза ша еакІов яра. Кхерч тІехь лаьттачу меттиган йохалла дейтта дол яра, иштта цуьнан шоралла а дейтта дол яра. Ткъа цунна гонах хІоз бара, ахдол лекха а болуш, ткъа хІазарна гонах йолу саьнгар цхьа дол шуьйра яра. Цу кхерчана тІе боьду лами малхбалехьарчу агІор бара.
Выбор основного перевода