Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегІаш а, дато а, дашо а хІуманаш а Везачу Элан цІа чу ехкира Аса-паччахьо. Шен кІант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхІун нанас Іатал-ЯхІус сацам бира паччахьан тІаьхьенах верг массо а хІаллакван. ТІаккха динан дайша барт бира нахера ахча кхин шайга дІа ца эца. Везачу Элан цІа шаьш тодийр дац аьлла, сацам а бира цара. Цара, яхІудхошна тІе а гІоьртина, чу а бахана, паччахьан цІера, массо а хІума дІа а эцна, ЯхІураман кІентий а, зударий а дІабигира. Цуьнан кІентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхІу воцург, кІант ца висира ЯхІураман. Ахьаз-ЯхІу а Ахьабан цІийнах болчийн некъа тІе велира, хІунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гІуллакхаш дарна хьехарш дора цунна. Везачу Элан лаамехь доцу гІуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхІус а, Ахьабан цІийнах болчара лела ма-дарра, хІунда аьлча, Ахьаз-ЯхІун да дІаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла.
Выбор основного перевода