Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Дауд-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. ЯхІушаптин кІентий болу Іазар-ЯхІу, Яхьиал, Закри-ЯхІу, Іазар-ЯхІу, Микаал, Шапат-ЯхІу ЯхІураман вежарий бара. Уьш берриш а исраилхойн паччахьан ЯхІушаптин кІентий бара. ЯхІурам паччахь дІахІуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дІакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гІалахь дІавоьллира иза.
Выбор основного перевода