Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Адаман цІий Іанорна Соьга жоп дала деза, цу цІийна чохь са долу дела. ХІора стага а жоп дала деза ша адаман Іанийначу цІийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цІий Іанийча. ХІокху тІаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Іанийна долу массо а пайхамаран цІий хоттур ду: Хьабулна тІера Делан цІенний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхІуний тІе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а. Цул тІаьхьа, гора а воьжна, чІогІа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хІара гІуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.
Выбор основного перевода