Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чІогІа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чІагІдийр дара, Ткъа шу, адамаш, кхоччуш муьтІахь хила деза вайн Везачу Далла. Аша Цуьнан хьехамаш кхочушбан а беза, Цуьнан весеташ, хІинца санна, лардан а деза». Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахьна БаІшина а юкъахь тІом лаьттира цу шиммо паччахьалла динчу массо а хенахь. Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кІентий го Цунна. Ша охьахиъна Іаш волчу сийлаллин гІанта тІера лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка охьахьоьжуш ву Иза. Везачу Элан бІаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман. КІеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хІокху ворхІ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бІаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу». Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода