Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира. Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кІелвитира иза. Ткъа шолгІа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хІума цунах дІакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхІурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхІурамна лерина йоккха цІе ца латийра халкъо. Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягош ма-хиллара, дІавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яІ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тІехь Ас дош ло хьуна’“», – боху Везачу Эло. Далла лерина шоьтан де дІадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогІу хьакхарш ийцира, уьш Іийсан докъана хьакхархьама. Хьалха, буьйсанна Іийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогІу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера. Цара, Іийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогІу хьакхарш хьаькхна долчу кІади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Іедалехь стаг дІавуллуш ма-дарра.
Выбор основного перевода