ЯхІудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира БаІшин кІант Эли. Тирца-гІалахь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.
Массо а яхІудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимІин а тайпанашкара болу нах тІегулбира цо, хІунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира.