Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дІаделира Аса-паччахьо. ТІаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дІадахьийтира цо Хьезиюнан кІентан ТІабримунан кІант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гІалахь Іаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира: Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгІира Бен-Хьадида. Цо шен тІеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гІаланашна тІелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Іаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаІак а гІаланашна а, берриг Наптал-махкана а тІехь, шена чу Канарот-мохк а богІуш.
Выбор основного перевода