Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха РахьбуІам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. Цуьнан ненан цІе НаІмат яра. Иза Іамминхо яра. РахьбуІаман метта цуьнан кІант Аби-ЯхІу дІахІоьттира паччахь хилла. Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Цуьнан ненан цІе МаІха яра. Иза Абушаламан йоІ яра. Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Аби-ЯхІун ненан цІе МаІха яра. Иза гебаІхо волчу Уриалан йоІ хилла. Аби-ЯхІуна а, ЯрбаІамна а юкъахь тІом бара.
Выбор основного перевода