Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Газа-цІушна шайн сагІанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидІа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тІедуьллуш ду иза“. ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. Иштта гунаш тІехь Везачу Элан а, харцделанийн а цІенош догІийтира ЯрбаІама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дІахІиттийра цо, уьш Левин тІаьхьенах боццушехь. Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь ЯхІуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гІалахь а, деших ша динчу эсашна сагІанаш а дохуш. Бетал-гІалахь ша динчу сагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх деш динан дай дІахІиттийра цо. Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хІоттийначу дезачу дийнахь, ша дІахІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. И хІума хиллачул тІаьхьа а шен харцнекъаш тІера дІа ца велира ЯрбаІам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагІа доккхучу гунийн динан дай дІахІиттабора цо. Шена дІахІитто мел лиънарш ЯрбаІама къобалбора сагІа доккхучу гунашна тІехь динан дайша санна гІуллакхдарна. Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхІаронан тІаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дІа а хІиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дІахІиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхІ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дІахІоттаво аша.
Выбор основного перевода