Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха РахьбуІамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхІудхойн куьйгалхошна а тІе ШамІа-ЯхІу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дІатесира, цундела Аса шу а, дІа а тесна, Шушакхан кара дІало“». РахьбуІам-паччахьо динчу хІуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тІера тІаьххьарлерчунна тІекхаччалц, яздина ду ШамІа-ЯхІу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Іиду-пайхамаран а тептарш тІехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тІехь. РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тІом лаьттира.
Выбор основного перевода