Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
РахьбуІама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхІудан цІийнах а, Бен-Яманан тІаьхьенах а волу цхьа бІе везткъа эзар тоьлла тІемало схьагулвира. Исраилан цІийнах болчаьрца тІом а бина, Сулим-паччахьан кІентан РахьбуІаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. ШамІа-ЯхІу цІе йолчу Делан стаге Дала элира: «Сулиман кІант волчу яхІудхойн паччахье РахьбуІаме а, ЯхІудан, Бен-Яманан тІаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дІаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тІом бан ма гІолаш. ХІорра а шен-шен цІа юхаверза, хІунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.
Выбор основного перевода