Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ГавІон-гІалахь, Сулим-паччахь вижна волуш, гІенах Дела дуьхьалхІоьттира цунна. «Деха хьайна луъург», – элира Дала. Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цІена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кІант а велла, иза, хІинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гІантана тІе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тІехь битира Ахьа. Ткъа хІинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дІахІоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хІинца а бер санна ву. Сан хІинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан. Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со. Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Іамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хІокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тІехь урхалла хьаьнга далур ду?» Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла. Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагІийн синош хІаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама, лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хІинца чул тІаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дІаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода