Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъана хьалха Везачу Эло Сулим вазвира. Паччахьан хуьлу сийлалла делира цунна Везачу Эло, Исраил-мехкан цхьанна а паччахьан ца хиллачу тайпана. Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Иштта, стагана шен дахаран хенах ойланаш ян хан а тоьар яц, хІунда аьлча Дала цуьнан дагна там бо. Дала стагана хьал а, бахам а, шорто а яла тарло – цунна мел дезарг а дала тарло. Амма оцу муьрехь шен долчух марзо ца оьцуьйту цуьнга Дала, мелхо а, кхечо цунах пайда оьцу. Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума а ду, цул сов, иза чІогІа хала бала а бу. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода