Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Чкъургаш йолу дойн гІудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гІудалкхаш цхьа эзар йиъ бІе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гІалахь дІахІиттайора Сулим-паччахьо. Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цІе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура. Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тІехь йинчу дойн гІудалкхийн мах ялх бІе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бІе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша. Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Іаш волчу Ярушалаймехь а, гІудалкхаш дІахІитточу гІаланашкахь а дІатарйинера уьш. Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Мисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана. Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода