Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта дагоран сагІа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хІуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас. Цу меттехь исраилхошна хьалха хІуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. Шайн меттаматтана юьстахо четар хІоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хІора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура. Иштта, шен ГавІон цІе йолчу гІала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагІа даккхархьама, сагІа даккхаран коьрта барз оцу гІалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагІа доккхучу кхерчан тІехь эзар дийнат дагоран сагІа доккхура Сулим-паччахьо. Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а цу хенахь ГавІон-ломан сагІа доккхучу гу тІехь лаьтташ бара.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода