Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала дахара, цигара Делан деза тІорказ схьадан. Цу тІорказца йоьзна цхьа леррина цІе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг. Везачу Элан тІорказ, схьа а деана, Дауда хІоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. «Даудан гІалахь» шена цІенош дайтира Дауда. ТІаккха цо, Делан тІорказ дІахІотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дІахІоттийра. Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тІеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Іабади-Эдоман цІа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дІадахьа. Делан тІорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТІаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода