Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІамехь тІемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цІераш иштта яра: Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кІант ЯшбаІам. ЯшбаІама цхьана тІеман къовсамехь кхо бІе стаг вийнера шен гоьмукъца. Цул тІаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кІант ЭлиІазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара. ЭлиІазар вара цкъа Даудаца пІелаштамхой тІом бан тІегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пІелаштамхойх кхера а белла, дІабевддера. ЭлиІазара, шен тІемалошца дІа а хІоьттина, и аре ларъеш, тІом бира. Цара толам баьккхира пІелаштамхошна тІехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кІелхьардовлар делира исраилхошна. Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тІе а ваьлла, Іадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пІелаштамхой репахойн тогІи олучу меттигехь бара. Цу хенахь Дауд шен чІагІонан меттигехь вара, ткъа пІелаштамхошна ха деш болу тІемалой Байтлахам-гІалахь бара. Дауд чІогІа хьогах вара. ТІаккха цо элира: «Байтлахам-гІалин кевнера гІу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!» ТІаккха майра кхо тІемало, пІелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гІу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагІина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. ТІаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цІий мер дара ткъа аса?» ХІунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хІума динера оцу майрачу кхаа тІемалочо. Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тІемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бІе мостагІа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара. Оцу кхаанна юкъахь гІараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тІемалочуьнга ца кхочура Абушай. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу шен майраллица а, ша дечу гІуллакхашца а чІогІа гІараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхІус Муаби-махкара гІараваьлла волу ши баьчча вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера. Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегІ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхІус кхин а. КІади деш йолчу чорхан гІуркх санна, чІогІа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхІус, карахь гІаж а йолуш, мисархочунна тІе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза. Иштта гІуллакхаш динера ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. И важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вара БенъяхІу а. Иза а оцу майрачу ткъе итт тІемалочунна юкъахь гІараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогІура БенъяхІу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийнера БенъяхІу. Ткъа коьрта волу ткъе итт тІемало хІара вара: Йоабан ваша ІасахІал, Байтлахам-гІалара Додин кІант Элхьанан, ХІарар-гІалара Шамати, пеланхо волу Хьелац, такхоІхо волчу Іакхешан кІант Іира, Іанатотхо Абу-Іезар, хьушатхо волу Субахи, ахьохьахо Іилай, натІупатхо Махьран, натІупатхо волу БаІнин кІант Хьалид, Ребин кІант Ита, бен-яманхойн ГебаІ-гІалара волу, пІарІатунхо волу БенъяхІу, ГаІаш-тогІенашкара Хьурай, Іарбатера Абуал, бахьрумхо Іазмават, шаІалбанхо Элияхьба, гизанхо волчу ХІашеман кІентий, ШагІин кІант ЯхІуната, хІарархо волу, хІарархо волчу Сакаран кІант Ахьиам, Урин кІант ЭлипІал, Махерат-гІалара Хьепар, пеланхо АхьъяхІу, кармалхо волу Хьецари, Эзбайн кІант НаІрай, Натин ваша Юал, ХІагиран кІант Мибхьар, Іамминхо Цалакх, баировтхо Нахьрай, Царуятан кІентан Йоабан герз лелош верг, итархо волу Іира, итархо ГІараб, хьетахо УръяхІу, Ахьлайн кІант Забад, ша раабанхо волу а, раабанхой болчу тІемалойн коьртехь волу а Шизин кІант Іадна. Цуьнан а вара кхин ткъе итт тІемало. Кхин а МаІхин кІант Хьанан, матнахо волу Яшпати, Іаштаратхо волу Іуззи, ІаруІерхо волчу Хьотаман кІентий: ШамаІ, ЯІиал, Шимрин кІант ЕдиІаал, тайцахо волу цуьнан ваша Йохьа, Махьвим-гІалара Элиал, ЭлнаІаман кІентий Ярибай, Юшав-ЯхІу, иштта муабахо волу Итма, мецабайхой болу Элиал, Іабади, ЯІсаал. Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тІехь куьйгалла дора Забдиалан кІанта ЯшбаІама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
Выбор основного перевода