Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ИбрахІима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву. Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь куьйгалхой хІиттабе. Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Цо элира: «Веза Эла – сан тарх, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КІелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагІех со кІелхьарваьккхи Цо! Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург? Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар». Царна тІе а дуьллуш, цо элира: «Везачу Эле ларамах дуьзна хиларца а, тешаме хиларца а, доллучу дагца а делаш шаьш дийриг.
Выбор основного перевода