Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагІий Аса хІаллакбина. Аса дуьнен тІехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. Дауд-паччахьан валаран хан тІееара. Шен кІанте Сулиме весет а деш, цо элира: «ХІинца со, сан хене кхаьчна долу массо а адам санна, коша вижа герга вахана. Ткъа хьо, чІагІлой, доьналла долуш хилалахь. Ахьа хьайн Везачу Делан весеташ ларделахь, Цуьнан некъашца а лелаш, Цуьнан хьехамаш а ларбеш, Цо билгалдаьккхинарш а, Цуьнан омра а, Муса-пайхамаран товрат тІехь яздина ма-хиллара, кхочушделахь. ТІаккха хир ву хьо массо а хІуманна тІехь кхиамаш болуш, ахьа хІуъа дахь а, миччахьа хьо гІахь а, хьанна тІе хьо водахь а. ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“». Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогІу-кх, Царуятан кІанта Йоаба хІун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кІант Абунар, ИтІаран кІант Іамасаъ. Маьршачу хенахь, тІамехь Іанош санна, цІий Іанийра Йоаба церан. Цу шиннан цІийх дуьзира цо шен гІодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. ХІинца ахьа хьекъалца чекхдаккха и гІуллакх, амма къеналлин Іожаллица ма валийта Йоаб. Ткъа галІадхо волчу Барзалайн кІентех къинхетам бе, уьш хьайна тІе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гІо дира суна, хьан веших Абушаламах со кІелхьарволучу хенахь. Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кІант ШамаІи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чІогІа сардамаш доьхкира суна. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла. Ткъа хьуна хьайна а хуур ду, хьо хьекъал долуш хиларе терра, иза шен цІий Іанорца эхарте вахийтархьама айхьа дан дезарг». Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира. Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта. Цкъа мацах, сурт хІотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гІо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира. Сан ялхо волу Дауд кара а вина, Ас цунах паччахь вира, цунна тІе Сайн деза даьтта а дуттуш, Аса иза къобалвира. Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву, со кІелхьарвоккхур волу тарх а ю“.
Выбор основного перевода