Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьала а гІаьттина, Дауд, шеца волу ялх бІе стаг а эцна, Гати-гІалахь паччахь волу МаІухин кІант Ахаш волчу вахара. Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гІалахь ваха хиира, хІора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра – израІалхо йолу АхьнуІмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигІал а. Шеца ялх бІе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Іовраш йолчу кхечира. КІадбелларш цигахь севцира. Дауд Къушин кІантах Шаулах къайлаваьлла лелачу хенахь, Даудаца цхьаьнакхетта ЦакхелагІ-гІала баьхкинарш хІорш бу (тІамехь Даудана гІо деш болчу турпалхошна юкъахь бара уьш,
Выбор основного перевода