Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тІера бедарш этІийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тІе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦІена вац! ЦІена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза». Дауда элира: «Хьайн Іожаллина хьо-хьуо ву бехке, хІунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“». Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогІу-кх, Царуятан кІанта Йоаба хІун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кІант Абунар, ИтІаран кІант Іамасаъ. Маьршачу хенахь, тІамехь Іанош санна, цІий Іанийра Йоаба церан. Цу шиннан цІийх дуьзира цо шен гІодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. ХІинца ахьа хьекъалца чекхдаккха и гІуллакх, амма къеналлин Іожаллица ма валийта Йоаб.
Выбор основного перевода