Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абунара юха а цуьнга элира: «ДІавала суна тІаьхьара, ма вейта соьга хьо. Со муха гІур ву хьан вешина Йоабана дуьхьал?» Амма важа цунна тІаьхьара ца волура. ТІаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Іоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ІасахІал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тІехволуш мел верг цигахь соцура. Ткъа кевнера кІа цІандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаІний Иш-Бошатан цІа чу велира. Цуьнан гайх тур а Іоьттина, уьш бевдда дІабахара. Йоаба Іамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Іамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь. Іамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Іамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тІе ца даьхьира, хІунда аьлча Іамасаъ велла Іуьллуш вара. Цул тІаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кІантана ШебаІана юха а тІаьхьавелира. Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогІу-кх, Царуятан кІанта Йоаба хІун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кІант Абунар, ИтІаран кІант Іамасаъ. Маьршачу хенахь, тІамехь Іанош санна, цІий Іанийра Йоаба церан. Цу шиннан цІийх дуьзира цо шен гІодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гІоле а, дог цІена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кІант Абунар, яхІудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтІаран кІант Іамасаъ.
Выбор основного перевода