Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Хьеврон хІинца а кхеназхо волчу Епунин кІентан Килабан тІаьхьенна дакъа хилла йисна, хІунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тІера ца ваьллера. Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пІелаштамхой?» – аьлла. Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГІо, пІелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаІила-гІала ахьа кІелхьар а йоккхур ю». ТІаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гІаттий, КъаІила-гІала дІагІо. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хІума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтІарига элира: «Схьая и ийпад». Цул тІаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаІила-гІала а веана, со бахьана долуш и гІала хІаллакьян гІерта аьлла. КъаІила-гІаларчу бахархоша со Шаулан кара дІалур вуй теша? ВогІур вуй теша кхуза Шаул, Хьан лай волчунна ма-хаззара? Исраилан халкъан Веза Дела! Жоп лохьа Хьан лай волчунна». Везачу Эло жоп делира: «ВогІур ву». Дауда хаттар дира: «КъаІила-гІаларчу бахархоша со а, соьца болу нах а Шаулан кара дІалур буй?» Везачу Эло элира: «ДІалур бу». Хьевроне а, иштта ша а, шен накъостий а леллачу массо а меттигашка дахьийтира.
Выбор основного перевода