Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гІалахь Іаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. Хьалдолчун дуккха а уьстагІий а, бежанаш а хилла. Ткъа къен волчун, ша эцна цхьа жима Іахар бен, кхин хІумма а ца хилла. Цо, яа хІума а луш, дола а деш, кхиош хилла иза. Жима Іахар цуьнан берашца цхьаьна хьалакхиъна. Цу стага дІакховдийна долу бепиг дууш хилла Іахаро, цуьнан кеда чуьра молуш а хилла, цуьнан некха тІехь дІабуьжуш а хилла иза. Цу стагана шен йоІ санна хеташ хилла иза. Хьал долуш верг волчу ваьлла лелаш волу цхьа стаг веана. Амма хьолахочунна ца лиира шен уьстагІашна а, стерчашна а юкъара, цхьаъ схьа а къастийна, ваьлла лелаш волчу стагана цунах яа хІума кечъян. Цо, къечу стеган уьстагІ схьа а лаьцна, цунах хьешана пхьор кечдира». Дауд цу стагана чІогІа оьгІазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хІума дина волу стаг вен ма веза! Цу уьстагІна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хІунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хІума ша деш». ТІаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кІелара схьа.
Выбор основного перевода