Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана а, тІевеанчунна а, тІе а веана, шуна юкъахь вехаш волчунна а лерина хила еза уьш. Ларамаза стаг вийна хІорра а бекхам лоьхучух дІалачкъа цига дІавада тарло. Стаг вийнарг халкъо чІир йоькхуш волчух кІелхьарваккха а веза, иза дІалечкъина хиллачу гІала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дІакхалххалц. ХІара тІедехкина парзаш шуна хир ду, миччанхьа шу дехаш хилахь а, шун массо а тІаьхьенашна. ХІинца мукъана а ладогІахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгІазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогІу сагІа дІаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгІазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неІалт хилла дІахІуьттийла уьш, хІунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тІера хьала а гІаттийна, олуш ду: „Ваха а гІой, хийрачу къаьмнийн деланашна Іамал е“, – аьлла. Марха, нилха а йолий, дІайоьду, иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогІу. Амма адам делча, иза телхий, дІадолу. ТІаьхьара са дІа а долий, адам кхин ца хуьлу. эццахь дуьнен тІехь мел долу адам, хІаллак а хилла, чан хилла дІахІуттур дара. Со кошана уллохь болчу нахаца дІанисвелла. Со гІора доцу стаг хилла дІахІоьттина. Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дІакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гІоле. Дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ма ду! Массо а цхьана метте дІавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю. Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?» Цхьаьнгга а шен синан Іаьнарна тІехь олалла далур дац. Цхьаннан а карахь дац шен валаран де. Цхьа а дІахоьцур вац тІом бечуьра. Зуламхо ша дечу зуламаша кІелхьарвоккхур вац. Шуна ца хаьа, кхана хІун хир ду. ХІун ду шун дахар? КІеззигчу ханна деана а, юха дІадолу а дохк ду иза.
Выбор основного перевода