Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу кхузахь совца. Аса хІинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гІуллакхаш дага а доуьйтуш. Ткъа Абушалам, ведда дІа а вахана, Гешурара паччахь волу ІамихІудан кІант Талмай волчохь дІалечкъира. Дауд-паччахь хІора дийнахь шен кІантана воьлхура. Абушалам, Гешура ведда дІа а вахана, кхаа шарахь цигахь Іийра. Хьан лай волчу аса цхьацца гІуллакхаш дечу хенахь, и стаг дІаведира». «Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тІелаьцна хІума иза долу дела», – элира цуьнга исраилхойн паччахьо. Пайхамаро цу сохьта шен бІаьргашна дуьхьал тІеяийтина хІума дІаяьккхира. ТІаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла. Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дІахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“».
Выбор основного перевода