Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауд, лаьттара хьала а гІаьттина, лийча а лийчина, шена тІе даьтта а хьаькхна, тІера бедарш а хийцина, Везачу Элан четар чу Цунна Іибадат дан вахара. Цигара цІа веанчул тІаьхьа, цо, шена бепиг а даийтина, яа хІума йиира. Цу гІалахь ехаш йолчу цхьана хьекъал долчу зудчо, пена тІе а яьлла, мохь туьйхира: «ЛадогІа! ЛадогІа соьга! Йоабе кхуза схьавола ала! Суна цуьнца къамел дан лаьа». Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна. ТІаккха оцу пайхамаро элира: «Ахьа Везачу Эло бохучуьнга ла ца догІарна, хьо, со волчуьра дІавоьдуш, лоьмо цоьстур ву». И стаг дІавоьдуш, цунна дуьхьал кхеттачу лоьмо иза цистира. Цул тІаьхьа оцу пайхамарна кхин а цхьа стаг дуьхьалкхийтира. Цо: «Тохахьа суна» элира цу стаге. ТІаккха вукхо чевнаш хиллал йиттира цунна. Пайхамар, шен бІаьргаш дІахьулбархьама дуьхьал хІума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш. Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тІаме ваханера. ТІаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тІе стаг валийра. Цо элира: „ХІара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дІаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“. Хьан лай волчу аса цхьацца гІуллакхаш дечу хенахь, и стаг дІаведира». «Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тІелаьцна хІума иза долу дела», – элира цуьнга исраилхойн паччахьо. Пайхамаро цу сохьта шен бІаьргашна дуьхьал тІеяийтина хІума дІаяьккхира. ТІаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла. Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дІахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“». ТІаккха исраилхойн паччахь, чІогІа дог а доьхна, оьгІаз а вахана, цІа вирзира. Иза Шамран-гІала схьакхечира. Иштта Байтлахам а, ІайтІам а, ТакхоІ а,
Выбор основного перевода