Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха». Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до. Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш – шун сийлалла ду. Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хІинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегІа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттинчара Цуьнан дегІан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегІ – Іийсах тешачу массеран а тоба ю. Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дикачу тІемалочо санна. Хаза кхаъ кхайкхорхьама тІеэцна ас хІара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода