Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац. Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. Ва Тимапи! Дала хьайга Іалашдан дІаделларг ларде. Іесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догІучу хІуманех а дІаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду. Кестта вогІур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дІа ца даккхийта.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода