Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хІума цо яахь, хІунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хІума къилахь ду. ТІаккха хІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хІара лен долу дегІ цкъа а лийр доцуш дІа а хІоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тІехь яздинарг: «Іожалла дІа а кхаьллина, толам баьккхина». «Іожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Іожалла, хьан ю?» Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хІума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле. Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бІешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дІакъевлина яра. Ткъа хІинца иза Шен долахь болчарна дІайовзийтина Дала. И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера. И бераш дилханах а, даьІахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Іожаллина тІехь ницкъ болу иблис эшорхьама а, Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тІаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа. Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода