Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара. Ва Тимапи! Дала хьайга Іалашдан дІаделларг ларде. Іесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догІучу хІуманех а дІаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду. Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гІоьнца ларделахь. Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догІуш дерг хьеха. И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тІехь хьо латта, Делах тешнарш дика гІуллакхаш дарна тІехь кхиамаш баха гІертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду. Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тІе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо. Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хІунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь. Дала леррина къобалвинчу Іийсан лено, Якъубан вашас, ЯхІуда Дала тІекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас ларбечу а нахе:
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода