Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам. Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, И таІзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тІеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Іийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела. Дикачун дуьхьа бечу тІамехь ас хьуьнарца тІом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди. Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода