Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал хила тІекхайкхийнчу ПахІала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хІара кехат. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегІан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала йинчу чІагІонийн декъахой а бу уьш. И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера. Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваІда ду: хедар доцу дахар.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода