Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Массо а воьлхура, иза мара а вуьхкуш, цунна барташ а дохуш. Уггар а хьалха шуна массарна а тІера Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хастамаш бо аса, хІунда аьлча дуьнен тІехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу. ХІунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гІуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Іаш а дац. ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со. Тхайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тІера даим Далла хастам бо оха. Тхох лаций доІанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цІена хиларх, хІунда аьлча массо а хІуманна тІехь хьанал хила гІерта тхо.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода