Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хІунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дІахІоьттира. Далла бу хастам! ХІетахь къинан леш шу хиллехь а, хІинца шаьш муьтІахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тІеІаьнна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна. Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара. Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан. Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догІуш дерг хьеха. Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КІантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода