Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама. Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахІитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тІех а даьлла. Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама.
Выбор основного перевода