Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама. Сайн дегІан эгІазаллица а, кхерамца а, чІогІа вегаварца а Іийра со шу долчохь. Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тІехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хІуманна тІехь шу тешийна. Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегІаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дІа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Іийса волуш санна, тІеийцира. Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегІаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дІа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Іийса волуш санна, тІеийцира.
Выбор основного перевода