Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХІунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду – шу Везачу Элаца хилар. Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дІакхайкхо Троя-гІала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неІ дІайиллира. ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама.
Выбор основного перевода