Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». Мусана Мисарахь долу дерриг а Іилманаш Іамийра. Иза дашна а, гІуллакхна а доьналла долуш вара. И хьехам ас бинера, шун Іийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама. билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду. Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш – шун сийлалла ду. Цундела со сайн голашна тІе хІутту стигаларчу Дена хьалха. Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тІехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу. Ас доІа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чІагІбар доьхуш. Иштта доІа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цІахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доІа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тІехь шу чІагІделла хилар а доьхуш. Ткъа тІаьххьара а бохург хІара ду: чІагІло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а. Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тІедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хІума кхочушдича, кхидІа а латтархьама а. КІелхьардовларан гІем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду. Хьехам бо ас хьуна, сан кІант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тІемалочо санна, къовсам латтабойла, Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дикачу тІемалочо санна.
Выбор основного перевода