Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. я цхьана а вайна тІехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хІумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула болчу Делан безамах вай дІакъасто йиш цахиларх. Кхечу къаьмнех болу нах Далла тІеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсас соьгахула дина доцу цхьа а хІума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гІуллакхашца а Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса». Нагахь цхьанна шена цхьа хІума девза моттахь а, цунна хІинца а довза ма-деззара хІумма а ца девза. Оцу шун гІуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтІахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а.
Выбор основного перевода