Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Хьо айхьа а ца хеставеш, кхечуьнга хеставайта, хьайн багахула а ца хуьлуш, кхечун багахула хилийта и хастораш. Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу. Сан дог цІена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо. Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу.
Выбор основного перевода