Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шуна хІун лаьа? Со гІожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогІийла лаьий шаьш долчу? Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цІарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш. Со кхозлагІа а вогІу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац». Со шозлагІа веанчу хенахь, аса дІахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хІинца, со шу долчу дІавале, ас кхин цкъа а дІахоуьйту цаьрга: со юха дІавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса. Соьгахула бохуш верг Дала леррина Къобалвинарг хиларан тоьшалла лоьху те аша? Шуьца ларош волу Иза гІорасиза вац. Мелхо а, Цо Шен ницкъ шуна юкъахь гойту. ХІунда аьлча Иза гІорасизниг санна жІарах дІатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гІорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна. Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Іийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу? Зерах чекх ца довлалуш тхо ца диснийла шуна хуур ду аьлла, со тешна ву. Оха Деле доІанаш до, шуьга цхьана а тайпана зулам ца дайтар доьхуш. Иза оха ца доьху, тхаьш зерах чекхдевлла хилар гайтархьама, амма тхо зерах чекх ца девлла шуна моьттушехь, шуьга дика дайтархьама доьху. ХІунда аьлча билггал бакъдолчунна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан, амма цунна гІоле хІума дан ницкъ болуш ду. Тхо гІорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доІанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш. Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хІаллакдан а доцуш, синца чІагІдарна деллачу олаллица со шуьца тІех буьрса ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода