Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Паччахь хилла Дауд дІахІоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира. Хьевронехь ша волуш, цо ЯхІудан халкъана тІехь ворхІ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира. Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тІелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогІур вац: ур-атталла бІаьрзечарий, астагІчарий дІалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара. Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гІап схьаяьккхина. ТІаьхьо цу гІопана, «Даудан гІала» аьлла, цІе тиллира. Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кІелахь йолчу биргІанехула ваха веза, „бІаьрзе а, астагІа а“ болу сан мостагІий болчу царна тІекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагІа верггий, бІаьрзениггий цІа чу вогІур вац». Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. Даудан паччахьалла чІагІлуш дІадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара. Цора-гІалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тІулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цІенош дира. ТІаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чІагІвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а. Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гІарбаш-зударий а бигира. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира Даудан. Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Ибхьар, Эли-ШуІа, Непаг, ЯпияІ, Эли-ШамаІ, ЭлидаІ, Эли-Пулат. Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Ибхьар, Эли-ШуІа, Эли-Палати НугІахІи, Непаг, ЯпияІ, Эли-ШамаІ, БаІал-ЯдаІ, Эли-Пулат. Дауда шен зудчун Бат-ШабаІан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дІавижира. Бат-ШабаІа юха а кІант вира Даудана. Цунна Сулим цІе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира, Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхІугахь марехь хилла. Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан,
Выбор основного перевода