Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ахьабан кІанта Йорама Исраилан халкъана тІехь паччахьалла до пхоьалгІа шо долуш, ЯхІудан халкъана тІехь ЯхІушапти паччахь волуш, яхІудхойн кхин паччахь дІахІоьттира ЯхІушаптин кІант ЯхІурам. ТІаккха ЯхІурам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. ЯхІураман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз-ЯхІу. Амма Ахьаз-ЯхІун йиша йолчу, ЯхІурам-паччахьан йоІа ЯхІу-ШебаІа Ахьаз-ЯхІун кІант Юаш, паччахьан байа безачу кІенташна юкъара схьа а эцна, дІавигира. И кІант а, иза вакхош йолу зуда а дІавуьжучу цІа чу дигира цо. Иштта, Іатал-ЯхІух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш. Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – Іузи-ЯхІун да,
Выбор основного перевода