Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. Бавел-махкара цІа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхІу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла, Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран,
Выбор основного перевода