Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Сулим-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен ден Даудан гІалахь дІавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кІант РахьбуІам. ТІаккха РахьбуІам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. Цуьнан ненан цІе НаІмат яра. Иза Іамминхо яра. РахьбуІаман метта цуьнан кІант Аби-ЯхІу дІахІоьттира паччахь хилла. Аби-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Аби-ЯхІун метта паччахь хилира цуьнан кІант Аса. ТІаккха Аса-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Цуьнан метта паччахь хІоьттира ЯхІушапти. Сулим-паччахь РахьбуІаман да хилла, РахьбуІам – Аби-ЯхІун да, Аби-ЯхІу – Асин да, Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – Іузи-ЯхІун да,
Выбор основного перевода